"Зорбатохаран ц1ийнан"
10.04.2025Оханан беттан 10-чу дийнахь "Зорбатохаран ц1ийнан" редакцехь хьеший бара: Шейх-Мансуран к1оштан Бух1ан-Йуьртара №39 ишколера нохчийн меттан, литературин хьехархо Какаев Жабраил а, директоран кхиоран балхахула заместитель, ингалсан меттан хьехархо Ибрагимова Зулихан а, 11-чу классан дешархо Батаева Радима а, 9-чу классан дешархо Арсаханов Юсуп а. Коьртачу редакторца Мусаев Сулиманца нохчийн литературех а, йаздархочун чолхечу некъах а къамел хилира церан. Сулиманан кхоллараллех, цуьнан говзарех хеттарш дира хьешаша. Нохчийн истори йовзарехь, мотт, ламасташ, г1иллакхаш 1алашдарехь литературас йоккха меттиг д1алоцуш хилар билгалдаьккхира Мусаев Сулимана шен къамелехь.