"ХЬЕХАРХОЧО КХУЛЛУ КЪАМ!"
22.11.2019
"ХЬЕХАРХОЧО КХУЛЛУ КЪАМ!"(АХЬМАД-ХЬАЬЖА КАДЫРОВ)Ассаламу Iалайкум!Нохчийн мотт вайна ДАЛА белла бу, оцу маттахь къамелаш дина ширачу заманахь дуьйна вайн дайша, хьехамаш бина эвлаяаша, исбаьхьаллин хазна кхоьллина вайн г1арабевллачу яздархоша, поэташа. Нохчашна юкъахь даима хилла бакъболу дешан говзанчаш, сийлахь литераторш. ДЕЛАН къинхетамца, таханалерчу дийнахь дуккха а кегийрхой, дешархой, къона поэташ бу нохчийн маттаца гергарло дезаш, уьйр-марзо йолуш, к1оргера чулацам болу байташ, хаза дийцарш яздеш, уьш зорбане дохуш. НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКИН КУЬЙГАЛХОЧО, РОССИН ТУРПАЛХОЧО АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАНА ненан меттан терго еш, сий деш хилар ду оцу беркатан бахьана. Тахана Нохчийн Республикин дешаран, 1илманан Министерствохь республикера юкъарадешаран школашкахь 9-11-чу классашкарчу дешархошна юкъахь нохчийн маттахь д1аяьхьначу "Со – поэт" авторски стихотворенин конкурсан жам1аш дира. Нохчийн Республикин Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан куьйгалхо Умхаев Салманан Хьамзат, Нохчийн Республикин хьехархойн говзалла лакхаяккхаран институтан а, Соьлжа-Г1алин мэрин дешаран департаментан а векалш, Нохчийн меттан хьехархойн ассоциацин декъашхой, дешаран хьукматашкара нохчийн меттан, литературин хьехархой, иштта конкурсан жюрин декъашхой бара гуламе баьхкина. Билгалъяьккхинчу конкурсехь республикин ерриге а к1ошташкарчу 50 гергга декъашхочо жигара дакъалаьцна хилар довзийтира жюрин тобано. Дерриге а белхаш лакхара мах хадо йиш йолуш дара, массара дика кечам бина а хиллера аьлла тоьшалла дира конкурсан талламхоша.Даггара баркалла ала лаьа конкурс д1ахьош къахьегначу "urok95" интернет-проектан белхахошна, жюрин декъашхошна, ненан меттан, литературин хьехархошна.ДЕЛА реза хуьлда массарна а! ДАЛА т1аьхье беркате йойла!